"Хьуьнхахь 1а" ц1е йол теман урок
17.01.202016 январехь, 3-г1а "В" классехь д1аяьхьира нохчийн литературин лерина йиллина урок. Урокан тема: "Хьуьнхахь 1а", Хь.Хасаев. 1алашонаш: дешархошна дийцар довзийтар, нийса а, шера а, кхеташ а тексташ ешийтар. Ойлаяр, къамел дар кхиор, экханех лаьцна керланиг 1амор. 1аламе а, ненан матте а, экханашка а безам кхиор. Урок белхан тайп-тайпана кепаш юкъаялорца д1аяьхьира: тобанашкахь болх, фронтальни хаттарш, презентаци кечъярци а.
Поэзи дукхаезаш хиларна, йиц ца елира стихотворени юкъаяло, 1аьнен беттанаш карладахар а, дешнахь т1ехь болх бар а, церан маь1на таллар а. Урок чекхйолуш билгалдаьккхира шайна керла девзинарг, пайдениг, самукъане хеттарг. Аса хаьржина болу урокан х1оттам, цуьнан чулацам пайдехьа, эвсаре хилла, х1иттийна 1алашонаш кхочушъярехь. Урокан 1алашонаш кхочуш хилла аьлла, хета суна.
Хьехархо: Элимбаева Хьава Хож-Баудиновна.