Тхан гимназехь д1айахара нохчийн меттан хьехархойн районан практически семинар.

10.02.2026

Цхьаьнакхетаран тема - «Хьехархочун-предметникан балха т1ехь карлайевлла федеральни пачхьалкхан коьрта стандарташ». Семинаран гурашкахь д1айаьхьна йиллина урокаш: - нохчийн меттан урок 3-чу классехь (хьехархо Элимбаева Х.Хь.); - ⁠нохчийн литературин урок 5-чу классехь (хьехархо Абдулхалимова И.З.). Хьехархоша гайтира керлачу ФГОС-н т1едилларца йог1уш йолу хьехаран(1аморан) керла кепаш, методика, ткъа иштта дийкъира(гайтира) шайна зеделларг а.