Нохчийн меттан де даздар

21.04.2018

Гуьмсе-г1алара Дадагова Данин ц1арах N3 йолчу гимназехь д1адаьхьира нохчийн меттан де даздар. Цхьанакхетарехь баьхкина хьеший бара, дешаран урхаллин коьрта специалист Исмаилов Т1ах1ин Залина, Борхаджиев Рамзанан Хожабаудди.

Хожабауддис ша язйина, «Ненан мотт»ц1е йолу байт йийшира. Ненан мотт базбеш, цуьнан сий-ларам беш дешархоша д1айийшира Ненан маттах лаьцна байташ, эшарш.

 

Цхьанакхетар дерзош гимназин куьгалхочо Дабачхаджиева Липа Исаевнас нохчийн меттан хьехархой декъала бира грамоташ яларца.

Дала т1аьхье беркате йойла!