Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана

01.03.2019

28-чу февралехь Мамакаев Шамсуддинан 1аьрбин дахарх а, кхоллараллах а лаьцна«Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана» ц1е йолу РЕГИОНАЛЬНИ ЭТНОГРАФИЧЕСКИ ДИКТАНТ д1аяьхьира Муниципальни бюджетни юкъарадешаран хьукматан "Гуьмсе-г1алин Дадагова Данин ц1арах №3 йолчу Гимназехь" 

Шайн хаарш гайтарехь дакъалецира дешархоша, хьехархоша, дайша-наноша. Нохчийн матте болу безам а, цуьнан вайн дахарехь лелар а совдаккха, Нохчийн Республикан бахархойн ненан маттах долу хаарш алсамдаха 1алашонца язйира диктант. Дала т1аьхье беркате йойла вайн!