Бекалахь, Ненан мотт, тахна
25.04.2019Тахана, оханан беттан 25-чу дийнахь, Муниципальни бюджетни юкъарадешаран хьукматан " Гуьмсе-г1алин Дадагова Данин ц1арах № 3 йолчу Гимназехь " д1адаьхьира "Бекалахь, Ненан мотт, тахна" ц1е йолу даздар. Хьошалг1ахь бара Гуьмсан Муниципальни к1оштан дешаран урхаллин куьйгалхо Исмаь1алан Малика, нохчийн поэт Махьмудан 1умар, нохчийн поэт, ткъа иштта "Синмехаллаш" передачин жюрин председатель 1аднанан 1абдул - 1азиз, Нохчийн Республикин хьакъ йолу артист Шах1идан Макка.
Лаккхарчу т1ег1ан т1ехь д1адаьхьира даздар, дешархоша йийшира Нохчийн меттан денна лерина шаьш язйина байташ, лекхира вайн Даймахках лаьцна эшарш, гайтира къоман хелхарш. Билгалдира, вайн Республикин Куьйгалхочо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана Нохчийн меттан де д1акхайкхадар вайна массарна дозалла хилар. Баьхкинчу хьешаша доккха баркалла элира дешархошна нохчийн меттан иштта дика тидам беш хиларна. Нохчийн мотт даима бехарг хилар дог тешна ду!Бекалахь, нохчийн мотт! Бекалахь зевне! Хьайн дешнийн маь1наца хастош вайн мохк. Халонаш т1ех1иттарх, дохадеш дегнаш, Оха цкъа а бицбийр бац тхайн ненан мотт!